Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тІом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла». Шаула Деле хаттар дира: «ПІелаштамхошна тІаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таІзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна. Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хІума а, пІелаштамхо волчу ГІолиатан тур а дІаделира». ЯхІушаптис кхидІа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хІун боху хаттийтахьа».
Выбор основного перевода