Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара – малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а. Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Хьовсал, уьш генара схьабогІур бу – цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цІе йолчу махкара». Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац, хІунда аьлча Со шуьца ву, шу кІелхьардохур ду – боху Везачу Эло. – Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таІзар дийр ду». «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кІелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дІабигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІатйохур а ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац. Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду». Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кІелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара. Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю.
Выбор основного перевода