Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Ахь тхан кортош тІехула мостагІа ластавайтира. ЦІерах а, хих а тхо чекхдевлира, ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира. Ва Дела, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш. Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГІайгІанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргІат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду. Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХІан-хІан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цІарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгІачун васт маликачух тера ду». Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода