Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. Шайна юкъахь хийра дела ма хилийта, кхечу къаьмнех волчу далла Іибадат а ма де. Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, – боху Везачу Эло. – Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тІаьхьа а хир вац. Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а».
Выбор основного перевода