Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – «ХІара Сан Ялхо ву, Ас чІагІвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тІе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а».
Выбор основного перевода