Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. «Шен бІаьргаш доллушехь, бІаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, – боху Везачу Эло. – Цара хІора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дІа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гІуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш». боху ахьа: „Сан бехк бац. Дела суна оьгІаз гІур вац“. Ахьа „Сан бехк бац“ бахарна Аса кхел йийр ю хьуна.
Выбор основного перевода