Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн халкъана оьгІазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дІаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тІедуьллура ахь. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. qac Бqac*ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хІаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дІабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дІаяьккхи ЯхІуд-мехкан ерриге а чІагІйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки. qac Еqac*рриге а Шен гІишло, бешахь лаьтта цІа санна йолу, Цо тІепаза дІаяьккхи. Шен гуламан меттиг а Цо хІаллакйина дІаяьккхи. Цийон-ломахь даздеш хилла деза денош дицдайти. Шена лерина шоьтан денош Везачу Эло дитийти. ЧІогІа Ша оьгІазваханчохь Цо паччахьаш дІатеси. Ша чІогІа дарвеллачохь динан дайх Иза дІавирзи. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“
Выбор основного перевода