Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогІа ца лууш а ду. Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. Бита нийса некъ, дІадовла бакъдолчу новкъара. Тхуна ца лаьа шун Исраилан Везачу Делах лаьцна хаза“». Цу тІе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кІордийна-кх хІара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагІа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагІина деача, резахиларца шун карара уьш тІеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. – Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КІант ваийтира вайн къинош дІадахаран сагІа санна.
Выбор основного перевода