Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац.
Выбор основного перевода