Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша. Мисаран паччахье, пирІуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирІунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хІун ду вай динарг? ХІунда бахийти вай уьш дІа? ХІинца вайна болх бан нах а бац», – бохура цара. Шен гІудалкх дІа а йожийтина, тІемалой вовшахтуьйхира пирІуно. Ялх бІе тоьлла тІеман гІудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гІудалкхаш а, царна тІехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо. Везачу Эло дог а чІагІдина, исраилхошна тІаьхьаваьллера пирІун. Ткъа исраилхой майрра дІабоьлхуш бара. Мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тІаьхьабевллера. Пи-ХІахьират олучу меттигна уллохь, БаІал-Цапонна хьалха царна тІаьхьакхиира уьш. Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!» Майра мостагІий хІонс яьккхина богІу, Іожаллин наб кхетта уьш Іохкуш бу. Массо а оцу тІемалошка шайн куьйгаш тІом бан хьала ца айало. Хьан оьгІазе аз дІахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Іадийна, белла.
Выбор основного перевода