Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха стага элира: «ХІинца дуьйна хьан цІе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хІунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кІел ца висира». Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Юхаверзаве хІорра а Сан цІарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а». Со ву Веза Эла, шун Веза Дела, Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь». И халкъ Ас Сайна кхоьллина, цо Сан сий кхайкхор ду». Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тІаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.
Выбор основного перевода