Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама». Тхан Дела, Ахьа ца лаьхкира кху мехкан бахархой Хьайн Исраилан халкъана хьалха, и латта Хьайн доттагІа волчу ИбрахІиман хІуна гуттаренна а дІа а луш? Везачу Эло Шена Якъубан тІаьхье хаьржина, Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина. Везачу Эло боху: «ЛадогІа Соьга хІинца, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, Ас хаьржина долу Исраилан халкъ, ладогІа Соьга. Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тІаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо. Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа, Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа, хьайн цІарца хьо схьакхайкхина Ас, сийлаллин цІе хьуна дІало Ас, хьуна Со вевзаш вацахь а. Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахІим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагІа элира.
Выбор основного перевода