Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шира халкъ дІанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дІадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гІуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга! Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».
Выбор основного перевода