Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яьсса аре Цо, Іам бой, дІахІоттайо, ткъа йокъа хІоьттинчу меттехь татолаш дохку. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю. Йовхачу гІамарх хин Іам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангІалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу. Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Ярушалаймехь Цийон-лам тІехь Іаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гІо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Акхароша Сан сий до, чангІалкхаша а, бухІанаша а Со хаставо, хІунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама.
Выбор основного перевода