Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХІинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна». Ас шира халкъ дІанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дІадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гІуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга! Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а». Боданехь Іалашъеш йолу хазна а, хьелаш дІахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дІалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цІарца хьо Соьга кхайкхина волу. И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац». ХІинца хьалххе дІахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тІаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта.
Выбор основного перевода