Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан ницкъаца тхешан мостагІий оха юхабоху, Хьан цІарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина, иза дІавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш? Цо халкъаш цуьнан кара дІало, паччахьаш цунна муьтІахь бойту. Цуьнан туьро царах чан йо, цуьнан Іедо уьш дІасакхуьссу, мохо ча дІаса ма-кхоссара. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду».
Выбор основного перевода