Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Іамийна Иза? Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а? Шайн белшаш тІе а вуьллий, дІахьо цара цІу. Шен метта дІахІоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кІелхьар а ца воккху. Со хьийжира, амма гІоьнча вацара. Со цецвелира, гІо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гІо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира.
Выбор основного перевода