Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. ТІедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугІуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тІехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дІахезийла! Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тІемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хІуттур бац, новкъа дІабахача а, уьш кІадлур бац. Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай. Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе. боху ахьа: „Сан бехк бац. Дела суна оьгІаз гІур вац“. Ахьа „Сан бехк бац“ бахарна Аса кхел йийр ю хьуна. Ткъа Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха! ДІасаца муьлхха а садолу хІума Везачу Элана хьалха! ХІунда аьлча Иза Шен дезачу цІа чуьра араволуш ву.
Выбор основного перевода