Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагІий, къизачийн бІош дІасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦІеххьана а, бІаьрган негІар тухучу юкъана а Уьш дІа ма-дийггІи, уьш дІа ма-дий, цара орамаш ма-хийцци, Везачу Эло царна тІе Іаь туху, уьш маргІал а дулу, ткъа мохо уьш, ча санна, дІахьо. «Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тІекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Іалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса, Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тІера гІаьгІнаш схьадахийта а, хьалха неІарш схьаеллаялийта а, кевнаш дІа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло: «Со хьуна хьалхаваьлла дІагІур ву, лаьмнаш дІа а шардеш. ЦІестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гІораш отур ду. Боданехь Іалашъеш йолу хазна а, хьелаш дІахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дІалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цІарца хьо Соьга кхайкхина волу. Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Іалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду. Схьа а гуллой, ладогІа, аш массара а! ЦІушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Іалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тІехь Шен ницкъ гойтур бу цо. Со цхьаъ ву вистхилларг а, цуьнга схьакхайкхинарг а. Со ву – иза схьавалориг, цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь. Хашадхойн мохк дІа а тесна, ХІаран-гІала дІавахара ИбрахІим. Цул тІаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хІинца шу Іаш долчу махка хьажийра.
Выбор основного перевода