Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шен бІаьргаш доллушехь, бІаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, – боху Везачу Эло. – Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дІахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а. Ас шира халкъ дІанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дІадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гІуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга! Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хІинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Іалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
Выбор основного перевода