Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла, эрна аре самукъадаьлла хуьлийла, акха зезаг санна цо заза доккхийла. ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду. КІохцалийн метта, миртан дитт хьалагІур ду. И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а, гуттаренна йолчу а, дІаер йоцучу а билгалонна а». Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.
Выбор основного перевода