Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнга ла а дугІуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагІийн мостагІа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. ГІергІаш догІу доккха хи санна, угІуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дІадовду. Мохо лаьмнаш тІехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. Сох лаьцна дуьйцур ду: „Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш. Цунна тІе а баьхкина, юьхьІаьржачу хІиттина хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш. Хьо мел дІакхоллурш шаьш дІакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагІий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хІонс мел йоккхурш шаьш хІонс хилла дІахІуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дІалур бу. И де тІекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тІулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гІиртинчо шена чІогІа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гІалина дуьхьалдевр ду.
Выбор основного перевода