Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Элан чІогІа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догІу догІа санна а, хІаллакдеш болу мох санна а, чІогІа хитІедалар санна а тІелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу. Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хІуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю. Цу сохьта чІогІа мохк бегийра. ГІалин уьтталгІа дакъа доьхна дІадахара. Мохк бегочу хенахь ворхІ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чІогІа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира. Стигалшкара Делан цІа дІаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тІорказ дара гуш. ТІаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира. ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра.
Выбор основного перевода