Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас, пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху. Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо, церан хьекъалх сонталла а йо. Шун хьекъалчаш юьхьІаьржачу а хІуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? ТІаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чІогІа цецдевр ду, хІунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хІума дийр ду Ас. Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».
Выбор основного перевода