Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. ТІаккха Ариална дуьхьал тІом беш долчу къаьмнийн массо бІош а, цунна а, цуьнан чІагІонашна а тІелеташ болу мостагІий а, цунна гІайгІа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гІенах а санна, къайлабевр бу. Меца волчунна ша хІума юуш гІан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гІан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тІом бечу массо а къаьмнийн бІошна». Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бІаьрзе а де, бІарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагІаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац.
Выбор основного перевода