Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беллачийн синош тІедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тІе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву. Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тІедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тІеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгІазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дІа а эккхор бу. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. Шена тІера бедарш дІа а яьхна, кхин бедарш тІеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа». Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хІунда кхойкху хьо?» Шаула элира: «Суна чІогІа хала ду. ПІелаштамхой суна дуьхьал гІевттина тІамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гІенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала». Маннаша шен кІентий Бен-ХІинам-тогІи чохь цІерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
Выбор основного перевода