Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делера болу муьлхха а хаам шуна мухІар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дІа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хІунда аьлча и тептар мухІар тоьхна ду». ТІаккха бІаьрзечийн бІаьргаш са гуш хир бу, ткъа къорачийн лергаш дІадоьллур ду. Везачу Эло боху: «ЛадогІа, къоранаш, хьовса, бІаьрзенаш, са гархьама! бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. Цунна тІе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагІнаш, бІаьрзенаш, заьІапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Іийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора. ТІаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогІу Со, Дела“».
Выбор основного перевода