Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна хІумма а ца гайта, церан бІаьргаш кхулийла. Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла. Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара». Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хІуманна тІехь. Вехна стаг шен Іеттораш тІехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
Выбор основного перевода