Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ТІахьир, шеца шен кІант Ибрам, шен кІентан ХІаронан кІант ЛутІа а, нус Сарет а (шен кІентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гІалара КанаІан-махка ваха аравелира. Амма ХІаран-гІала кхаьчча, цигахь севцира уьш. Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хІара бераш. Кхаьргахь дІахьойла сан а, сан дайн ИбрахІиман а, Исхьакхан а цІераш. Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь». Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Кхера ма кхера – кхин юьхьІаьржачу хІуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьІаьржачу хІоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Іаш сий дайна хилар дага а догІур дац хьуна.
Выбор основного перевода