Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мохо дІасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дІа а лохкийла уьш. ГІергІаш догІу доккха хи санна, угІуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дІадовду. Мохо лаьмнаш тІехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. Суьйре тІееача, кхерам хІутту, амма Іуьйре тІекхачале мостагІий дІабевлла бу. Иштта хир ду вайх хІонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна. Цундела нуьцкъалчу халкъо Хьо лорур ву, буьрсачу къаьмнийн гІала Хьох кхоьрур ю. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Хийрачу нехан чуьрабийлар сацийна Ахьа. Мархин ІиндагІо йовхо дІаяккхар санна, буьрсачу нехан баккхийбер дІадаьккхина Ахьа. ХІара къа шуна хІаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дІасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТІаккха цІеххьана пен охьабужур бу. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац.
Выбор основного перевода