Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дІавоккхур ву иза. И де тІекхаьчча, Ярушалайм-гІалина тІелеташ долу дерриг а халкъаш хІаллакдан волалур ву Со. Самабевлча, дІадовш долу гІан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла. Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь. Ткъа хІинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БІаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!» Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цІевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета.
Выбор основного перевода