Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Намрад-пачхьалкхана юкъайогІуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанІар-аренна тІехь яра. Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева а цІераш йолчу гІаланийн паччахьаш?» Цул тІаьхьа, Юши-ЯхІус Делан цІийнаца долу низам дІахІоттийначул тІаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КІаркамиш-гІалина уллохь тІом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхІу цунна дуьхьал тІом бан аравелира. И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирІунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КІаркамиш-гІалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирІунан эскар эшийра яхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь. ХІара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам: Даха а гІой, Хална-гІалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гІала дІагІо. ПІелаштамхойн Гати-гІала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхІудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул?
Выбор основного перевода