Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара дехнарг Цо царна дІаделира, амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира. Шайн дежийлашкахь санна, Іахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дІатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хІума кхоллур ю. Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хІаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гІелваларх тера хир ду иза. Оцу дийнахь иштта хир ду: Якъубан тІаьхьенан сийлалла дІаер ю. Хьийкъина дегІ санна долу и халкъ азлур ду. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду.
Выбор основного перевода