Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Ярушалаймера схьабогІур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богІур бу шаьш кІелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагІ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду. Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гІала веара. Цигахь иза сецира. Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун. Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гІалартан санна, хир ду хьан аз, чена кІелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг. Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо! ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таІзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таІзар ма-дарра.
Выбор основного перевода