Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харцо цІерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кІохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кІур стигала хьала а болуьйтуш. Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хІаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гІелваларх тера хир ду иза. Бере а дагардаллал кІезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь. Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тІехь хаза гаьннаш а долуш, ІиндагІ луш гІа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара. Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хІаллаквина. Ас церан лакха тІера стом а, лахара орам а хІаллакбина. Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хІаллакбина дІабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхІудан халкъ, Ас хьуна хІинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц.
Выбор основного перевода