Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. Арамхой малхбалера тІелетира, пІелаштамхой малхбузера тІегІоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дІакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. гІовгІане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гІала? Хьан хІаллакьхилларш туьро а ца байина, тІамехь а ца белла. Цхьаьна а тоьхна, тутмакхаш санна, ор чу боьхкина а, набахти чу боьхкина а хир бу уьш. Дуккха а денош дІадевлча, таІзар дийр ду царна.
Выбор основного перевода