Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». Хьузакх-ЯхІус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТІаккха, Везачу Элан цІийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. Ашурхойн паччахь ТилгІат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гІо хиларан метта, бале велира иза цунна. Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бІаьргаш Исраилан Везачу Далла тІехьажийна хир бу. Шайн куьйгашца кечйинчу сагІа доккхучу меттигашка, гІо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пІелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бІогІамашка а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчашка а. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Адамийн уьтталгІа дакъа лаьтта тІехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хІу хир ду». ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.
Выбор основного перевода