Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу бешана йолу дералла Соьгахь кхин яц. Амма цхьаболчара, Суна дуьхьало еш, цу бешахь баьІаш долу коьллаш йогІахь, Аса, тІамца царна дуьхьал а ваьлла, цІе тосур яра царах массарах. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо! Якъубан цІийнах цІе хир ю, Юсупан цІийнах цІеран алу хир ю, ткъа Іесаван цІийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТІаккха цхьа а дийна вуьсур вац Іесаван цІийнах». Иштта боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода