Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамийн уьтталгІа дакъа лаьтта тІехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хІу хир ду». Шаьш кхин а чІогІа холчу ца хІиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хІаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла. Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац. ХІунда аьлча лаьтта тІехь дехаш долчу адамашна ян йогІу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю».
Выбор основного перевода