Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тІелаьцначу уьрсаца – Ашурхойн паччахьца – шун коьрта а, когашна а тІера чоьш дІадошур ду, ур-атталла маж а дІайоккхур ю. ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора.
Выбор основного перевода