Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ас хІун дийр дара, Дела суна хьалха дІахІоьттича? Цо сайга хаттар дича, ас хІун эр дара Цуьнга? Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Іачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагІа сиха а, атта а схьакхочуш ву! Цу дийнахь хІордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кІелхьардовла гІо дехна а болчарна хІун хилла хьажал! Вай муха девр дара кІелхьар?“» Цу бахьанина царна таІзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хІара санна долчу халкъана? Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела. ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».
Выбор основного перевода