Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И чечакхаш шуна дІагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дІадерзош болчу шайн дегнийн а, бІаьргийн а лаамашна тІаьхьа шу ца хІиттийтархьама а. Лайн хица юьхь аса йилича а, сайн куьйгаш аса цІенна сабанца цІандича а, ТІаккха хьанна а нийса бІаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо. Цуьнан лар лохуш, леррина вогІу со. Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо. Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хІума даьллехь, я сан куьйго къа латийнехь, Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха, хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила. Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела, хьайн бІаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де, амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина, Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де.
Выбор основного перевода