Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнан йовхо лагІъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тІера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла. Айса къа латадар дІа а ца дуьйцуш, Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Іачу хенахь, хІора денна ас узарш дарна, малъелла дІаяьллера сан даьІахкаш. Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас». ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк. Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу. Адам-гІала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна.
Выбор основного перевода