Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха дІакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву. Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ – бохуш, амма суна жоп луш цхьа а вац, ас орца доху, амма суна нийсо ца йо. Сан дешнаш дІаяздина делахьара! Уьш тептар тІехь дІаяздина делахьара! Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло, со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу. Декъазачунна тІе куьг айдеш хуьлу, орца а дохуш, цунна тІехь хала киртиг хилча? Сан чкъор Іаржделла, амма иза малхо Іарждина дац. Адамийн гуламна хьалха дІа а хІоьттина, ас гІо доьху. Дала мел кІезиг ладугІур ду хьоьга, Иза хьайна ца го ахь баьхча, хьайн гІуллакх Цунна хьалха ду, Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.
Выбор основного перевода