Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхо бутт баьлча, ЯхІуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!» ЯхІуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!» Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дІадаккха. Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гІалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь, и ший а оцу гІалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тІулгаш кхисса: йоІ е, цо гІалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза.
Выбор основного перевода