Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хІинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо». Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагІаьттира, израІалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама. Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цІийна жІаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цІийна а мотт хьокхур бу жІаьлеша’“». Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дІакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду. Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.
Выбор основного перевода