Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас. «ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо. Амма ЛутІас чІогІа дехарна, иза волчу хІусаме ван резахилира и шиъ. ЛутІас царна яа хІума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хІума йиира. Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха». Левихо а, цуьнца берш а шен цІа чу а бигна, церан варрашна яа хІума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хІума яа охьахевшира. хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира. Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. Хьаша тІеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тІе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш.
Выбор основного перевода