Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубана Леас йина йоІ Дина яхара меттигера зударий болчу. Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кІантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоІ. Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дІахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дІадаьккхина. Нагахь санна хьан аьтту бІаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул.
Выбор основного перевода