Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза боданах кІелхьарвалалур вац. ЦІеран алуно патарш дакъош долу дитт санна, хир ву иза, ткъа Делан Іаьнаро иза дІавоккхур ву. Цуьнан цІера цо мел гулдинарг дІадер ду, хи санна, дІагІур ду Делан оьгІазаллин дийнахь. Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц. Цхьаьнгге а шен четахь догуш долу хаьштиг латталур дуй, шена тІера коч а ца ягош? Цхьа а стаг догуш долчу кІегашна тІехула лелалур вуй, шен когаш а ца багош? Изза хир ду кхечун зуда йолчу оьхучунна а: цунах дІа ца къаьхкинарг таІзар ца хуьлуш вуьсур вац. Уьш чен юьхкаш санна ю: цІеро уьш багор бу! Цаьрга ур-атталла шаьш а кІелхьар ца бахало цІерах. Ша вохвалархьама кІоранах йолу цІе иза хир яц, уллохь хиъна Іархьама йолу цІе иза хир яц.
Выбор основного перевода