Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан бІаьргаша дерриге а латта дІалоцу, Шех дог тешна Іаш болчарна гІо дархьама. Ахьа ойла ца еш хІума дина хІинца. И бахьана долуш хІинца дуьйна тІемаш бан дезар ду хьан». Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара, амма сан къинош Хьуна дагадогІур дацара. Бала тІебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу, Делан оьгІазаллин дийнахь иза кІелхьарвоккху. Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг, харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш. Со новкъахула вогІуш велахь а, я вижина Іуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна. Везачу Элан бІаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. Везачу Элан бІаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман. Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало.
Выбор основного перевода